settings icon
share icon
Хаттар

1ийса Дела вуй-те? 1ийсас цкъа а т1еч1аг1диний ша Дела хилар?

Жоп


Цхьаболчу наха 1ийса Дела вац бохуш болчара, дуьйцу, 1ийсас цкъа а ца аьлла ша Дела ву. Библи т1ехь цхьанхьа дуьйцуш дац, 1ийсас «Со Дела» ву алар, делахь а и, 1ийсас, ша Дела вац бохург дац.

Дела вуй-те 1ийса?- 1ийсас т1еч1аг1дина ша Дела хилар.

Хьаоьцур вай, 1ийсанан дешнаш,масала, Иоаннера Евангелина 10:30: « Со а, Да а цхьаъ ву». Вайн тоьар ду иудейн хетаре хьаьжча цуьнан т1еч1аг1дар, кхетархьама, цо баккъала а ша Дела ву алар. Уьш иза т1улгашца везавалийта хьаьвсира и бахьана долуш. «Хьо, адам долу,хьайх Дела во». (Евангелина Иоаннера 10:33, ( тергалдина вай)). Иудейн дика кхетам бара 1ийсах дуьйцучух-Делан юьхье. 1ийсас «Со а, Да а цхьаъ ву» аьлча, цуьнан и бохург дара, ша Да ву - цхьаьна 1аламана,хиламан а. Евангелина Иоаннера 8:58 кхи цхьаъ масала. 1ийсас элира: « Бакъдерг боху аса шуьга: дуьххьара Авраам вара со!» Х1ара ссылка на Исход3:14, Дала схьайиллина «Со ву» аьлла. И хаам хезнаболу иудейша т1улгаш схьаийцира и вен, Дела хилла т1елацар, Моисейн низамо ма-хьеххара.( Левит 24:16).

Дела вуй- те 1ийса?- цунна т1аьхьа бог1учара кхайкхийра иза Дела ву аьлла.

Иоанно юха а олу 1ийсанан Дела хилар: Дош [1ийса] Дела бохург дара». «... и дош хилла сица». (Евангелина Иоаннера 1:1;14). Оцу байташа дика гойту 1ийса сица Дела хилар. Апостолин дийриш 20:28 дуьйцу вайна: « Дела килсан 1уй хилалаш,ц1ийца цо яьккхина йолу». Шен ц1ийца хьан яьккхина?- 1ийсас. Ишта оцу байта т1ехь дуьйцу, Дала килса шен ц1ийца яьккхина ю аьлла. Ма -дийццара 1ийса Дела ву.

Апостол Фомас аьлла 1ийсанах лаьцна: «Сан Аллах1 а, Сан Дела а».(Евангелина Иоаннера 20:28) . 1ийсас нис ца во иза. Титуна доссийначо 2:13 вай карзахдоху вайн Дела а, к1елхьара дохург а схьаван лар варе, 1ийса (хь. ишта 2-г1а Петрана доссийнарг 1:1), евреешна доссийначо 1:8 Дас 1ийсах лаьцна олу : « делахь а, к1антах лаьцна цо олу: « хьан г1ант, Делан, б1е шераш хьан олаллин г1аж-бакъонан г1аж», дас 1ийса Дела ву олий дагавоуьйту, иза баккъала Дела хилар хоуьйтуш.

Гучудаккхарехь малико апостол Иоанне боху цо Далла 1амал е (Гучудаккхар 19:10). Массийтаза 1ийсане до1анца язйина (Евангелина Матвеегара 2:11; 14:33; 28:9; 17; Лукера 24:52, Иоаннера 9:38). Цо цкъа а бехк ца баьккхина нахера шена 1амалъярна. Нагахь санна ша Дела вацхьара, цо эра дара нахе, шена 1амал ма е, гучудаккхарехь малика ма-дарра. Цул сов,кхи а дуккха яздарехь кийсакаш ю, 1ийса Дела ву аьлла тоьшалла деш долу.

1ийса Дела вуй-те?-1ийса Дела хила везаш волу бахьана.

Уггаре а коьрта бахьана 1ийса Дела хила везаш волу бахьана ишта дара, и Дела ца хилча, цуьнан 1ожалла тоьар яцара, дуьненан къинош д1адаха(1- ра доссийнарг Иоаннера 2:2). Кхоьллина долу адам 1ийса хилча, и Дела ца хилча, кхоччуш къинош леторна та1зар далур дацара, чаккхе йоцчу Далла дуьхьала дина долу. Ишта бух боцу та1зар Далла бен дахьалур дац. Дела бен х1уьтур вац шена т1е и тайпа дуьненан та1зар т1елаца. (1-ра доссийнарг Коринфянашна 5:21), вала а велла ден вала, 1ожаллийна а, къиношна а т1аьхь ша толам баьккхина хилар гайта. Дела вуй-те 1ийса? - Ву. 1ийсас ша Дела ву аьлла кхайкхийна, цуьнан т1аьхьа бог1уш берш тешара цуьнан Делаллех.

К1елхьара даккхаро болх бо ю, нагахь санна 1ийса Дела велахь. 1ийса Дела ву гуттара а йолу Альфа а,Омега схьаяьккхинарг.(Гучудаьккхинарг Иоаннера 1:8; 22:13) и Дела вайн к1елхьарадахархо ву(2-г1а доссийнарг Петрана 1:1).

English



Нохчийн меттан коьртачу аг1онна т1е, юхадуьйла

1ийса Дела вуй-те? 1ийсас цкъа а т1еч1аг1диний ша Дела хилар?
© Copyright Got Questions Ministries